РассветЗакат
Утренние азкары33

أذكار الصباح

Утренние азкары

Чтение и поминание на каждый день

0%
01Аятуль-Курси×1
أَعُوذُ بِاللَّهِ مِنَ الشَّيْطَانِ الرَّجِيمِ اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ الْحَيُّ الْقَيُّومُ ۚ لَا تَأْخُذُهُ سِنَةٌ وَلَا نَوْمٌ ۚ لَّهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ مَن ذَا الَّذِي يَشْفَعُ عِندَهُ إِلَّا بِإِذْنِهِ ۚ يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ ۖ وَلَا يُحِيطُونَ بِشَيْءٍ مِّنْ عِلْمِهِ إِلَّا بِمَا شَاءَ ۚ وَسِعَ كُرْسِيُّهُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ ۖ وَلَا يَئُودُهُ حِفْظُهُمَا ۚ وَهُوَ الْعَلِيُّ الْعَظِيمُ
АIýзу биллáхIи минаш-шайтIóнир-рожи́м. АллóхIу лá илáхIа иллá хIуваль-хьаййуль-къоййýм, лá таъхузухIý синатув-валá навм, лахIý мá фиссамáвáти вамá филь-ард, манзаллази́ йашфаIу IиндахIý иллá биизнихI, йаIламу мá байна айди́хIим вамá хольфахIум, валá юхьи́тIýна бишайим-мин IильмихIи́ иллá бимá шáа, васиIа курсиййухIус-самáвáти валь-ардза, валá йаýдухIý хьифзухIумá, ва хIуваль-Iалиййуль-Iази́м.
Со ларло АллахIаца, Цо Шена генадаьккхинчу шайтIанах. АллахI – Иза воцург кхин дела вац, дийна верг ву Иза, даим волуш а ву Иза, наб озор а ца хуьлу Цуьнан, наб кхета а ца кхета Цунна; Цуьнан ду стигланашкахь а, лаьтта тIехь а дерг; мила ву Цунна гергахь шафаIат дийр верг Цуьнан пурбанца бен?! Царна хьалха дерг а хаьа Цунна, царна тIехьа дерг а, ткъа Цуьнан Iилманах цхьа а хIума ца хаьа царна, Цунна лиънарг бен; стигланаш а, латта а чулоцуш ду Цуьнан «курсийй», и шиъ лардаро хало а ца йо Цунна; Лекха верг а, Воккха верг а ву Иза.
02Сура Аль-Ихлас (112)×3
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ قُلْ هُوَ اللَّهُ أَحَدٌ اللَّهُ الصَّمَدُ لَمْ يَلِدْ وَلَمْ يُولَدْ وَلَمْ يَكُن لَّهُ كُفُوًا أَحَدٌ
БисмиллáхIир-рохьмáнир-рохьи́м. Къуль хIуваллóхIу ахьад. АллóхIус-сомад. Лам йалид валам йýлад. Валам йакуль-лахIу куфуван ахьад.
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! Ахь ала: Иза АллахI ву, цхьаъ волу. АллахI ву, даим дийна волу, массо кхолларна оьшуш волу, Шена кхолларера хIумма а оьшуш воцу. Цунах схьаваьлла цхьаъ а вац, йа дех-ненах схьаваьлла а вац Иза. Накъост хилла а вац Цуьнан цхьа а.
03Сура Аль-Фаляк (113)×3
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ الْفَلَقِ مِن شَرِّ مَا خَلَقَ وَمِن شَرِّ غَاسِقٍ إِذَا وَقَبَ وَمِن شَرِّ النَّفَّاثَاتِ فِي الْعُقَدِ وَمِن شَرِّ حَاسِدٍ إِذَا حَسَدَ
БисмиллáхIир-рохьмáнир-рохьи́м. Къуль аIýзу бироббиль-фалакъ. Мин шарри мá холакъ. Ва мин шарри гIóсикъин изá вакъоб. Ва мин шаррин-наффáсáти филь-Iукъод. Ва мин шарри хьáсидин изá хьасад.
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! Ахь ала: со ларло сатасаран Делаца. Цо кхоьллинчу массо хIуманан вонах. Бодане буьйса тIееъча, цуьнан вонах а. Шеддашна тIе хIупп бохучу зударийн вонах а. ХьагI йолчуьнан вонах а, цо хьагI лелочу хенахь.
04Сура Ан-Нас (114)×3
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ النَّاسِ مَلِكِ النَّاسِ إِلَٰهِ النَّاسِ مِن شَرِّ الْوَسْوَاسِ الْخَنَّاسِ الَّذِي يُوَسْوِسُ فِي صُدُورِ النَّاسِ مِنَ الْجِنَّةِ وَالنَّاسِ
БисмиллáхIир-рохьмáнир-рохьи́м. Къуль аIýзу бироббиннáс. Маликиннáс. ИлáхIиннáс. Мин шарриль-васвáсиль-хоннáс. Аллязи́ йувасвису фи́ судýриннáс. Миналь-джиннати ваннáс.
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! Ахь ала: со ларло адамийн Элаца. Адамийн Паччахьца. Адамийн Делаца. Дела хьахийча гучара долучуьнан вонах, дагчу вон ойланаш туьйсучуьнан вонах. Адамийн дегнаш чу вон ойланаш кхуьссуш долчу. Адамашха а, жинашха а долчух.
05Защита от тревоги и страха×3
اللَّهُمَّ إِنِّي أَعُوذُ بِكَ مِنَ الْهَمِّ وَالْحَزَنِ، وَالْعَجْزِ وَالْكَسَلِ، وَالْبُخْلِ وَالْجُبْنِ، وَضَلَعِ الدَّيْنِ وَغَلَبَةِ الرِّجَالِ
АллóхIумма инни́ аIýзу бика миналь-хIамми вальхьазан, вальIаджзи валькасаль, вальбухли вальжубни, ва долаIиддайни ва гIолабатир-риджáл.
Йа АллахI! Со ларло Хьоьца сингаттамах а, сагатдаларх а, кIелвисарх а, малонах а, сутараллех а, осалаллех а, декхаро сой лацарх а, сайна тIехь толам баккхарх а.
06Саййидуль-Истигфар×1
اللَّهُمَّ أَنْتَ رَبِّي لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنْتَ، خَلَقْتَنِي وَأَنَا عَبْدُكَ (أَمَتُكَ)، وَأَنَا عَلَىٰ عَهْدِكَ وَوَعْدِكَ مَا اسْتَطَعْتُ، أَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّ مَا صَنَعْتُ، أَبُوءُ لَكَ بِنِعْمَتِكَ عَلَيَّ، وَأَبُوءُ بِذَنْبِي، فَاغْفِرْ لِي، فَإِنَّهُ لَا يَغْفِرُ الذُّنُوبَ إِلَّا أَنْتَ
АллóхIумма Анта робби́, лá илáхIа иллá Анта, халакътани́, ва ана Iабдука (аматука), ва ана Iалá IахIдика ва ваIдика мастатIоIту. АIýзу бика мин шарри мá сонаIту, абýу лака биниIматика Iалаййа, ва абýу бизанби́, фагIфир ли́, фаиннахIý лá ягIфируззунýба иллá Анта.
Йа АллахI! Со кхиош-кхобуш волу сан Дела ву Хьо, Хьо воцург кхин дела вац, Ахь кхоьллина со, Хьан лай ву (ю) со, сайн ницкъ кхочучу кепара Хьан ваIда тIехь (Хьуна муьтIахь) ву со. Со ларло Хьоьца айса динчун вонах, со къера ву Ахь суна динчу диканна, со къера ву сайн къиношна а, ткъа Ахь гечдехьа суна; бакъдолуш, къиношна гечдийриг Хьо бен вац-кх.
07Хасбияллах×7
حَسْبِيَ اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ ۖ وَهُوَ رَبُّ الْعَرْشِ الْعَظِيمِ
ХьасбияллóхIу, лá илáхIа иллá хIува, IалайхIи таваккальту, ва хIува роббуль-Iаршиль-Iази́м.
АллахI кхачаме ву суна, Иза воцург кхин дела вац, болх Цунна тIе билли ас, доккхачу Iаршан Да ву Иза.
08Свидетельство о таухиде×4
اللَّهُمَّ إِنِّي أَصْبَحْتُ أُشْهِدُكَ وَأُشْهِدُ حَمَلَةَ عَرْشِكَ وَمَلَائِكَتَكَ وَجَمِيعَ خَلْقِكَ، أَنَّكَ أَنْتَ اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنْتَ وَحْدَكَ لَا شَرِيكَ لَكَ، وَأَنَّ مُحَمَّدًا عَبْدُكَ وَرَسُولُكَ
АллóхIумма инни́ асбахьту, ушхIидука, ва ушхIиду хьамалата Iаршика, ва малáикатака, ва жами́Iа халкъика, аннака анталлóхIу лá илáхIа иллá анта вахьдака лá шари́ка лака, ва анна Мухьаммадан Iабдука ва расýлука.
Йа АллахI Бакъдолуш, Iуьйренга ваьлла (ялла) со, Хьо а теш волуш, Хьан Iарш лелош долу малийкаш а теш долуш, дерриге Хьан кхоллар а, малийкаш а теш долуш со тешалла деш хиларна: Хьо АллахI ву аьлла, Хьо воцург кхин дела а вац аьлла, Хьо цхьаъ ву аьлла, Хьоьца накъост а вац аьлла, Мухьаммад Хьан лай а, элча а ву аьлла.
09Утреннее поминание×1
اللَّهُمَّ بِكَ أَصْبَحْنَا وَبِكَ أَمْسَيْنَا وَبِكَ نَحْيَا وَبِكَ نَمُوتُ وَإِلَيْكَ النُّشُورُ
АллóхIумма бика асбахьнá, вабика амсайнá, вабика нахьйá, вабика намýту, ва илайкан-нушýр.
Йа АллахI! Хьан пурбанца Iуьйренга девли тхо, Хьан пурбанца суьйренга а довлу тхо, Хьан пурбанца даха а деха тхо, Хьан лаамца дала а ле тхо, Хьоьга дерзар а ду тхан.
10Признание благ Аллаха×1
اللَّهُمَّ مَا أَصْبَحَ بِي مِنْ نِعْمَةٍ أَوْ بِأَحَدٍ مِنْ خَلْقِكَ فَمِنْكَ وَحْدَكَ لَا شَرِيكَ لَكَ، فَلَكَ الْحَمْدُ وَلَكَ الشُّكْرُ
АллóхIумма мá асбахьа би́ мин ниIматин ав биахьадин мин холькъика фаминка вахьдака лá шари́ка лака, фалакальхьамду ва лакашшукр.
Йа АллахI! ХIокху Iуьйранна соьца долу ниIмат а, йа Хьан кхолларех цхьаьнца долу ниIмат а Хьоьгара цхьаьнгара ду-кх, цхьа а накъост вац Хьоьца, хастам бу-кх Хьуна, баркалла а ду-кх Хьуна.
11На фитре Ислама×1
أَصْبَحْنَا عَلَىٰ فِطْرَةِ الْإِسْلَامِ، وَعَلَىٰ كَلِمَةِ الْإِخْلَاصِ، وَعَلَىٰ دِينِ نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ، وَعَلَىٰ مِلَّةِ أَبِينَا إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا مُسْلِمًا وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
Асбахьнá Iалá фитIротиль-ислáми, ва Iалá калиматиль-ихлáси, ва Iалá ди́ни набиййинá Мухьаммадин, с.а.в. ва Iалá миллати аби́нá ИбрóхIи́ма хьани́фан муслиман вамá кáна миналь-мушрики́н.
Iуьйренга девлла вай Бусалба динехь, Ихла́сан (Iамал Делан доьхьа хиларан) дашна тIехь, вайн Пайхамаран (Делера къинхетам а, маршалла а, хуьлда цунна) дин тIехь, вайн ден ИбрахIиман миллат тIехь, АллахIана цхьанна Iибадат деш хилла волчу, бусалба хилла волчу, АллахIаца накъост вечарах хилла воцучу.
12Знающий сокровенное×1
اللَّهُمَّ عَالِمَ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ فَاطِرَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ، رَبَّ كُلِّ شَيْءٍ وَمَلِيكَهُ، أَشْهَدُ أَنْ لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنْتَ، أَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّ نَفْسِي، وَمِنْ شَرِّ الشَّيْطَانِ وَشِرْكِهِ، وَأَنْ أَقْتَرِفَ عَلَىٰ نَفْسِي سُوءًا أَوْ أَجُرَّهُ إِلَىٰ مُسْلِمٍ
АллóхIумма Iáлималь-гIойби ваш-шахIáдахI, фáтIирассамáвáти валь-ардзи, робба кулли шай-ин ва мали́кахIу, ашхIаду аллá илáхIа иллá Анта, аIýзу бика мин шарри нафси́, ва мин шарришшайтIóни ва ширкихI, ва ан акътарифа Iалá нафси́ сýан, ав ажуррахIý илá муслим.
Йа АллахI! ХIай къайлах дерг а, гучахь дерг а хууш верг! ХIай стигланаш а, латта а кхоьллина верг! ХIай массо хIуманан Да верг, массо хIуманан долахо верг! Ас тешалла до Хьо воцург кхин дела цахиларца! Со ларло Хьоьца сайн синан вонах, шайтIанан вонах, цо Хьоьца накъост варе кхойкхуш дагчу туьйсучу ойланех, ас айса сайна вониг дарх а, йа и вониг бусалба стагана сайгара хилийтарх.
13Бисмилляхи с защитой×3
بِسْمِ اللَّهِ الَّذِي لَا يَضُرُّ مَعَ اسْمِهِ شَيْءٌ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي السَّمَاءِ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
БисмиллáхIиллязи́ лá ядурру маIасмихIи́ шай-ун филь-ардзи, валá фиссамáи вахIувасса-ми́Iуль-Iали́м.
АллахIан цIарца, Шен цIарца хилча лаьттахь а, стиглахь а, долчу цхьа а, хIумано зен ца деш волчу (АллахIан цIарца), Иза Хезаш а, Хууш а, ву.
14Довольство Аллахом×3
رَضِيتُ بِاللَّهِ رَبًّا، وَبِالْإِسْلَامِ دِينًا، وَبِمُحَمَّدٍ نَبِيًّا
Родзи́ту биллáхIи роббан, ва биль-ислáми ди́нан, ва би Мухьаммадин соллаллóхIу IалайхIи ва саллама набиййан.
АллахI сайн Дела хиларна реза хили со, Ислам сайн дин хиларна реза хили со, Мухьаммад (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) сайн пайхамар хиларна а реза хили со.
15Мольба к Живому Вечному×3
يَا حَيُّ يَا قَيُّومُ بِرَحْمَتِكَ أَسْتَغِيثُ، أَصْلِحْ لِي شَأْنِي كُلَّهُ، وَلَا تَكِلْنِي إِلَىٰ نَفْسِي طَرْفَةَ عَيْنٍ
Йá хьаййу йá къаййýму, бирохьматика астагIи́су, аслихь ли́ шаъни́ куллахIу, валá такилни́ илá нафси́ тIорфата Iайнин.
ХIай дийна верг, хIай даим волуш верг! Хьан къинхетамца гIо-орца лоьху ас, сан дерриге гIуллакхаш суна нисдей туоде Ахь, со сайх цхьаннах воьзна Iад а ма вита Ахь, бIаьрган негIар туххучул а.
16СубханАллах по числу творений×3
سُبْحَانَ اللَّهِ وَبِحَمْدِهِ عَدَدَ خَلْقِهِ، وَرِضَا نَفْسِهِ، وَزِنَةَ عَرْشِهِ، وَمِدَادَ كَلِمَاتِهِ
СубхьáналлóхIи ва бихьамдихIи, Iадада халкъихIи, ва ридзó нафсихIи, ва зината IаршихIи, ва мидáда калимáтихI.
ЦIена ву АллахI, хастам а бу Цунна: Цо кхоьллина долу массо хIума санна дукха, Иза Ша реза волччул, Цуьнан Iарш деза хилар санна дукха, Цуьнан чекхдевр доцу дешнаш санна дукха.
17Защита словами Аллаха×3
أَعُوذُ بِكَلِمَاتِ اللَّهِ التَّامَّاتِ مِنْ شَرِّ مَا خَلَقَ
АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти мин шарри мá халакъ.
Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цо кхоьллинчу массо хIуманийн вонах.
18Прошение полезных знаний×3
اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ عِلْمًا نَافِعًا، وَرِزْقًا طَيِّبًا، وَعَمَلًا مُتَقَبَّلًا
АллóхIумма инни́ ас-алука Iилман нáфиIан, ва ризкъан тIоййибан ва Iамалан мутакъаббалан.
Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга пайдане долу Iилма а, цIена рицкъ а, къобал хир йолу Iамал а.
19Мольба о дозволенном×3
اللَّهُمَّ اكْفِنِي بِحَلَالِكَ عَنْ حَرَامِكَ، وَأَغْنِنِي بِفَضْلِكَ عَمَّنْ سِوَاكَ
АллóхIуммакфини́ бихьалáлика Iан хьарóмик ва агIнини́ бифадзлика Iамман сивáк.
Йа АллахI! Айхьа хьанал динчунца суна тоам бе Ахь Айхьа хьарам динчунах, Хьайн къинхетамца Хьайх цхьаннах суна тоам а бе Ахь, кхечаьрга сан хIумма а деха ца дезаш.
20Власть принадлежит Аллаху×1
أَصْبَحْنَا وَأَصْبَحَ الْمُلْكُ لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ، اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ خَيْرَ هَٰذَا الْيَوْمِ فَتْحَهُ وَنَصْرَهُ وَنُورَهُ وَبَرَكَتَهُ وَهُدَاهُ، وَأَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّ مَا فِيهِ وَشَرِّ مَا بَعْدَهُ
Асбахьнá ва асбахьаль-мульку лиллáхIи роббиль-Iáлами́н. АллóхIумма инни́ ас-алука хойра хIáзаль-явми, фатхьахIý ва насрахIý ва нýрахIу, ва баракатахIý ва хIудáхIу, ва аIýзу бика мин шарри мá фи́хIи ва шарри мá баIдахIу.
Iуьйренга девлла вай, хIокху Iуьйранна паччахьалла АллахIан ду, Iаламийн Да волчу. Йа АллахI! ХIокху дийнан дика доьху ас Хьоьга: кхуьнан толам а, кхуьнан гIо а, кхуьнан нур а, кхуьнан беркат а, кхуьнан нийсо а. Со ларло Хьоьца хIокху дийнахь долчу вонах а, хIокхул тIаьхьа долчу вонах а.
21Ля иляха иллаллах (10 раз)×10
لَا إِلَٰهَ إِلَّا اللَّهُ وَحْدَهُ لَا شَرِيكَ لَهُ، لَهُ الْمُلْكُ وَلَهُ الْحَمْدُ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шари́ка лахIу, лахIуль-мульку ва лахIуль-хьамду ва хIува Iалá кулли шай-ин къоди́р.
АллахI воцург кхин дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву.
22Утренняя хвала и защита×1
أَصْبَحْنَا وَأَصْبَحَ الْمُلْكُ لِلَّهِ وَالْحَمْدُ لِلَّهِ، لَا إِلَٰهَ إِلَّا اللَّهُ وَحْدَهُ لَا شَرِيكَ لَهُ، لَهُ الْمُلْكُ وَلَهُ الْحَمْدُ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ، رَبِّ أَسْأَلُكَ خَيْرَ مَا فِي هَٰذَا الْيَوْمِ وَخَيْرَ مَا بَعْدَهُ وَأَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّ مَا فِي هَٰذَا الْيَوْمِ وَشَرِّ مَا بَعْدَهُ، رَبِّ أَعُوذُ بِكَ مِنَ الْكَسَلِ وَسُوءِ الْكِبَرِ، رَبِّ أَعُوذُ بِكَ مِنْ عَذَابٍ فِي النَّارِ وَعَذَابٍ فِي الْقَبْرِ
Асбахьнá ва асбахьаль-мульку лиллáхIи, вальхьамду лиллáхIи, лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шари́ка лахIу, лахIульмульку ва лахIульхьамду ва хIува Iалá кулли шай-ин къоди́р. Робби ас-алука хойра мá фи́ хIáзаль-явми ва хойра мá баIдахIу, ва аIýзу бика мин шарри мá фи́ хIáзаль-явми ва шарри мá баIдахIу. Робби аIýзу бика миналь-касали ва сýилькибари, робби аIýзу бика мин Iазáбин финнáри ва Iазáбин филькъабри.
Iуьйренга девли вай, хIокху Iуьйранна паччахьалла а АллахIан ду, АллахIана хастам а бу, АллахI воцург кхин дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву. Сан Дела! Ас Хьоьга доьху хIокху дийнахь хир долу дика а, хIокхул тIаьхьа хир долу дика а, со Хьоьца ларло хIокху дийнахь долчу вонах, хIокхул тIаьхьа хир долчу вонах а. Сан Дела! Со Хьоьца ларло малонах, къе́наллин вонах. Сан Дела! Со Хьоьца ларло цIергахь долчу Iазапах а, каш чохь долчу Iазапах а.
23Прошение прощения и здравия×1
اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ الْعَفْوَ وَالْعَافِيَةَ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ، اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ الْعَفْوَ وَالْعَافِيَةَ فِي دِينِي وَدُنْيَايَ وَأَهْلِي وَمَالِي، اللَّهُمَّ اسْتُرْ عَوْرَاتِي وَآمِنْ رَوْعَاتِي، اللَّهُمَّ احْفَظْنِي مِنْ بَيْنِ يَدَيَّ وَمِنْ خَلْفِي وَعَنْ يَمِينِي وَعَنْ شِمَالِي وَمِنْ فَوْقِي، وَأَعُوذُ بِعَظَمَتِكَ أَنْ أُغْتَالَ مِنْ تَحْتِي
АллóхIумма инни́ ас-алукаль-Iафва вальIáфийата фиддунйá валь-áхирахI, АллóхIумма инни́ ас-алукаль-Iафва вальIáфийата фи́ ди́ни́ ва дунйáйа, ва ахIли́, ва мáли́. АллóхIуммастур Iаврóти́, ва áмин ровIáти́, АллóхIуммахьфазни́ мин байни йадайа, ва мин хальфи́, ва Iан ями́ни́, ва Iан шимáли́, ва мин фавкъи́, ва аIýзу биIазаматика ан угIтáла мин тахьти́.
Йа АллахI! КъинтIера ва́лар доьху ас Хьоьга, (массо вочух со) маьрша витар а, доьху ас Хьоьга, дуьненахь а, эхартахь а. Йа АллахI! КъинтIера ва́лар а, (массо сакхтех) маьрша витар а, доьху ас Хьоьга сайн динехь а, сайн дахарехь а, сайн доьзалехь а, сайн бахамехь а. Йа АллахI! Сан къайленаш хьулйе Ахь, сан кхерамех со Iалашве Ахь. Йа АллахI, ларве́ Ахь со хьалха́ а, тIе́хьа́ а, аьтту агIор а, аьрру агIор а, тIехула а. Хьан воккхаллийца ларло со бухадIашхула сой цIеххьана хIаллакьхиларх а.
24Мольба о здоровье×3
اللَّهُمَّ عَافِنِي فِي بَدَنِي، اللَّهُمَّ عَافِنِي فِي سَمْعِي، اللَّهُمَّ عَافِنِي فِي بَصَرِي، لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنْتَ اللَّهُمَّ إِنِّي أَعُوذُ بِكَ مِنَ الْكُفْرِ وَالْفَقْرِ، وَأَعُوذُ بِكَ مِنْ عَذَابِ الْقَبْرِ، لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنْتَ
АллóхIумма Iáфини́ фи́ бадани́, АллóхIумма Iáфини́ фи́ самIи́, АллóхIумма Iáфини́ фи́ басори́, лá илáхIа иллá Анта. АллóхIумма инни́ аIýзу бика миналькуфри вальфакъри, ва аIýзу бика мин Iазáбилькъобри, лá илáхIа иллá Анта.
Йа АллахI! Сан дегIан могшалла луо Ахь суна; йа АллахI, сан хазаран могшалла луо Ахь суна; йа АллахI, сан бIаьрсин могшалла а луо Ахь суна; Хьо воцург кхин дела вац-кх. Йа АллахI! Со ларло Хьоьца керстаналлех а, мискаллех а, кхин а ларло со Хьоьца кошан Iазапах а; Хьо воцург кхин дела вац.
25Салават на Пророка×10
اللَّهُمَّ صَلِّ وَسَلِّمْ وَبَارِكْ عَلَىٰ نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ
АллóхIумма солли васаллим ва бáрик Iалá набиййинá Мухьаммад.
Йа АллахI! Тхан Пайхамарх Мухьаммадах къинхетам бе Ахь, маршалла а ло Ахь Цунна.
26Защита от болезней×3
اللَّهُمَّ إِنِّي أَعُوذُ بِكَ مِنَ الْبَرَصِ وَالْجُنُونِ وَالْجُذَامِ وَمِنْ سَيِّئِ الْأَسْقَامِ
АллóхIумма инни́ аIýзу бика миналь-Бараси, валь-Джунýни, валь-Джузáми, ва мин саййийиль-Аскъóми.
Йа АллахI! Со ларло Хьоьца БАРАС (проказа) олучу цамгарх а, хьекъална эшна галваларх а, ДЖУЗАМА (лепра) олучу цамгарх а, массо вочу цамгарх а, лазарх а.
27СубханАллах ва бихамдихи (100)×100
سُبْحَانَ اللَّهِ وَبِحَمْدِهِ
СубхьáналлóхIи ва бихьамдихI.
ЦIена ву АллахI, хастам а бу Цунна.
28АстагфируЛлах (100)×100
أَسْتَغْفِرُ اللَّهَ وَأَتُوبُ إِلَيْهِ
АстагIфируллóхIа ва атýбу илайхIи.
Ас АллахIе геч дар доьху, Цуьнга тоба а до ас.
29Ля хавля (100)×100
لَا حَوْلَ وَلَا قُوَّةَ إِلَّا بِاللَّهِ
Лá хьавла валá къуввата иллá биллáхI.
АллахIера доцург гIора а дац, ницкъ а бац.
30Защита от огня×7
اللَّهُمَّ أَجِرْنِي مِنَ النَّارِ
АллóхIумма аджирни́ минан-нáр.
Йа АллахI! Со ларло Хьоьца цIерах.
31Тасбих (100)×100
سُبْحَانَ اللَّهِ وَالْحَمْدُ لِلَّهِ وَلَا إِلَٰهَ إِلَّا اللَّهُ وَاللَّهُ أَكْبَرُ
СубхьáналлóхIи валь-хьамду лиллáхIи валá илáхIа иллаллóхIу валлóхIу акбар.
ЦIена ву АллахI, хастам а бу АллахIана, АллахI воцург кхин дела а вац, АллахI массо хIуманал воккха а ву.
32Ля иляха иллаллах (100)×100
لَا إِلَٰهَ إِلَّا اللَّهُ
Лá илáхIа иллаллóхI.
АллахI воцург кхин дела а вац.
33Ля иляха илля Анта (100)×100
لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنْتَ سُبْحَانَكَ إِنِّي كُنْتُ مِنَ الْظَّالِمِينَ
Лá илáхIа иллá Анта субхьáнака инни́ кунту минад-дзóлимийна.
Хьо воцург кхин дела вац, ЦIена ву Хьо! Бакъдолуш, ас зулам динера.

Зачем читать азкары?

Утренние и вечерние азкары — сунна и причина защиты верующего. В хадисах передано, что Пророк ﷺ произносил поминания утром и вечером, и учил нас начинать и завершать день зикром.

Поминание Аллаха приносит сердцу спокойствие, а некоторые из утренних и вечерних дуа являются причиной защиты от вреда по воле Аллаха.

Всего несколько минут в начале и конце дня — а награда может быть огромной. Пусть эти слова станут вашей ежедневной привычкой.